М.Мамакаев. Дахар а,кхолларалла. «Ненаца дина къамел» поэмин коьрта маь1на

Лекция № 6.

Мамакаев Мохьмад вина 1910 шеран 16 декабрехь Ачхой-МартантIахь ахархочун доьзалехь. Шен ворхI шо долуш дех-ненах ваьлла, байлахь висна жима Мохьмад. Гергарчу наха а, Iедало а терго йина кIентан. Иза дIаэцна Асланбековски берийн цIийне (хIинца Серноводск), цигахь дешна юьхьанцарчу школехь. Юккъера школа чекхъяьккхина Соьлжа-ГIалахь. “Со вина де”, “Ненаца дина къамел” поэмаш тIехь дийцина яздархочо шен бераллех, дешаран шерех лаьцна. Хала хиллехь а, хаза хан яра иза, боху поэта.

Школера дешна ваьлча цхьана муьрехь комсомолехь болх бина Мамакаев Мохьмада. 1926-чу шарахь иза Москва Малхбалехьарчу къинхьегамхойн коммунистически университете (Коммунистический университет трудящихся Востока) деша вахийтина. Университетехь ша доьшуш волуш а нохчийн литература, культура кхиаран гIайгIа беш хилл Мамакаев Мохьмад. Нохчийн яздархошца Исаева М., Эдльдарханов I. цхьаьна цо дакъалаьцна нохчийн маттахь литературно-исбаьхьаллин журнал арахецар вовшахтухуш. “Латта” цIе йолчу оцу журналан хьалхара номер араяьлла 1927 шарахь.

Университет чекхъяьккхинчул тIаьхьа Мамакаев Мохьмада жоьпаллин белхаш бина пачхьалкхан органашкахь а, тайп-тайпанчу учрежденешкахь а. 1930 шарахь Хьалха-Мартанан ВКП(б)-н Окружной комитетан секретарь хаьржина иза. Областной прокуроран болх а бина цо, “Грозненский рабочий” газетан редакторан заместитель а, тIаккха Нохчийн меттан, литературин, историн Iилманан-талламан институтан директор а Iийна иза кхечахаь балхахь хиларца цхьаьна.

1934-чу шарахь Мамакаев Мохьмад юха а Москва хьажаво, партийни белхахойн лаккхарчу школехь деша. Дешна а ваьлла цIа веъча, 1935 шарахь Нохчийчохь уггар яккхийчу организацех йолчу “Грозхимстрой” куьйгалхочун заместитель хIоттийна иза. Цул тIаьхьа Мамакаев Мохьмадана тIедиллина Республикин обкоман партин школийн, Iилманан отделан куьйгалхочун дарж. Цхьана муьрехь “Ленинан некъ” газетан редактор а хилла иза. Муьлххачу балхахь ша хилча а, жоьпаллица кхочушдина Мамакаев Моххьмада шен белхан декхарш. Амма, цу хенахьлера дукхахаболу нохчийн яздархой а санна, Мамакаев Мохьмад а ца ваьлла сталински таIзаран кхиэлах. Иза бахьна а доцуш лаьцна, Сибрех вахийтина. 1940-гIа шерашший – 50-чу шерийн хьалхара муррий Сибрехахь баьккхина цо. Амма оцу халчу хьелашкахь а исбаьхьаллин дош ца дитина Мамакаев Мохьмада. Ша яздеш хиларал совнаха, 1954 шарахь литературни тоба вовшахтоьхна цо Игарка гIалахь арадолуш хиллачу "Коммунист Заполярья" газетан редакцехь. Цигахь 1956 шарахь оьрсийн маттахь араяьлла Мамакаев Мохьмада «Первый гудок» цIе йолу повесть. 1955 – 1958 шерашкахь Алма-Атахь нохчийн маттахь арадолуш хиллачу «Къинхьегаман байракх» газета агIонаш тIехь зорбатоьхна Мамакаев Мохьмадан Iилбаседехь язйина цхьайолу стихаш. ХIетахь цо яздинчу дийцарийн, очеркийн книга «Ша меттах баьлла» а араяьлла Алма-Атахь Казахски литературни издательствехь 1957 шарахь. Оцу книги тIерачу дицарийн, очеркийн турпалхой дахар а девзаш, шайн хьаналчу къинхьегамца мохк цIинбеш, дахар хаздеш долу адамаш ду. Цу тайпана яра 1960 шарахь Соьлжа-ГIалахь араяьлла «Даймехкан некъаш» цIе йолу дийцарийн, очеркийн книга а.

Даймахка цIавирзинчул тIаьхьа, Мамакаев Мохьмада 1962 шарахь дуьйна шен дахаран тIаьххьара де тIекхаччалц "Орга" альманахан редакторан болх бина. Мамакаев Мохьмад кхелхина 1973 шеран 17 августехь.

Мамакаев Мохьмадан дуьххьарлера исбаьхьаллин произведени зорбатоьхна 1926-чу шарахь «Серло» газета тIехь. Поэтан дуьххьара зорбатоьхначу стихотворенешна юкъахь яра «Зеламха» цIе йолу стихотворени. Цо тIаьххьара язйинчу произведенешна юкъахь «Зеламха» роман ю.

Мамакаев Мохьмадана хIетахь шен ерриг стихаш дагахь хууш хилла, накъосташна хьалха еша лууш а, йьшуш а хилла цо уьш. Цуьнан стихотворенийн хьалхара книга зорбатоьхна 1930 шарахь. "ДоттагIалла" цIе а йолуш, поэта дуьххьара язйинчу стихийн сборник яра иза. Оццу шарахь "Серло" издательствехь араяьлла Мамакаев Мохьмадан "Коминтерн" цIе йолу очерк а. Поэтан исбаьхьаллин корматалла кхуьуш яра, эвсараллица болх бо цо литературехь. Кхин цхьа шо даьлча, поэтан стихотворенийн шолгIа сборник а араяьлла. "ЧIегIардиг" цIе йолчу оцу сборник тIехь авторан шен, кхечарах къаьсташ долу исбаьхьаллин хатI хилар гойтуш йолу стихотворенеш яра. Яздан волалучу хенахь Мохьмада шен цхьайолу произведенеш псевдонимца – М. Тур – арахоьцура.

Цул тIаьхьа поэта язйина шен биографица йогIуш йолу “Со вина де”, "Ненаца дина къамел" цIерш йолу поэмаш. Царна тIехь шен бераллех, дешаран шерех лаьцна а дийцина цо. Хала хиллехь а, хаза хан яра иза, боху поэта.

1930-чу шерашкахь Мамакаев Мохьмад хаддаза дакъалоцуш хилла Нохчийчоьнан литературни дахарехь. Иза куьйгаллехь а волуш арадийлира "Итт бIаьсте", "Кхиам" цIерш йолу нохчийн маттахь литературно-исбаьхьаллин журналаш. Цо дакъалаьцна Москвахь, Пятигорскехь арахецначу нохч-гIалгIайн поэтийн произведенийн сборникаш тIехь. Цуьнан поэтически произведенеш арайовлура "На подъеме", "Революция и горец", кхидолчу а Москвахь а, Ростовхь а арахоьцучу журналаш тIехь а, «Писатели СССР – Великому Октябрю», «Поэзия горцев Кавказа» цIерш йолчу юкъарчу сборникаш тIехь а. 1940 шарахь Соьлжа-ГIалахь "Серло" издательствос арахецна "Суй" цIе йолу Мамакаев Мохьмадан поэзин йоьалгIа книга. Цу тIехь зорбатоьхна поэтан тоьлашха йолу стихашший, поэмашший.

Нохчийн литературехь 1960 шерашкахьлерчу прозин эпически жанр кхиарехь мехала хилира Мамакаев Мохьмадан «Революцин мурд», «Зеламха» цIерш йолу романаш. Историн бакъдолчунна тIехь язйинчу оцу произведенеша шорйира нохчийн романан исбаьхьаллин таронаш.

Мамакаев Мохьмад шен произведенешкахь даим а халкъаца, махкаца ву. Уггар лакхара дарж ларара цо шен къоман поэт хилар. Вонехь а, диканехь а нахаца цхьаьна хилар дара цо коьрта лоруш дерг. Адамийн хьашташца, заманан лехамашца цхьаьна деттало цуьнан лирически турпалхочун дог. Даймахкал хьоме цхьа хIума а ца хилла Мохьмадана. "Зама" цIе йолчу шен стихотворени тIехь поэта даггара боху: «Даймехкан сийлахьчу декхарна Дуьненахь массо а деха вай". И ойла Мамакаев Мохьмадан ерриг а кхоллараллех чекхйолуш ю.

 


Понравилась статья? Добавь ее в закладку (CTRL+D) и не забудь поделиться с друзьями:  



double arrow
Сейчас читают про: